Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас цуьнан куьг хІордана тІе дуьллур ду, хишна тІехула цуьнан аьтту куьг а дІадохуьйтур ду. Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кІелхьарвоккхур волу тарх а ю“. Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. Нагахь цуьнан тІаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тІедехкинаршца ца лелахь, нагахь Сан парзаш цара дохадахь, я Сан весеташ цара лар ца дахь, цара лелийначу зуламна Ас гІожаца таІзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таІзар дийр ду. ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?»
Выбор основного перевода