Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХІунда аьлча цуьнан тІом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагІий когаш кІел охьабахккалц. Ткъа хІинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агІор. ХІинца бац я мостагІий, я кхин дуьхьало ян а хІумма дац. „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“ Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цІа чохь Іаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:
Выбор основного перевода