Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делан цІа шех дина долу четар дуткъачу кІадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а де. КІадеш тІехь говзачу балхаца тІетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. Цора-гІалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тІулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цІенош дира. Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. Амма динан да ЦІадукъа а, БенъяхІун кІант ЯхІу-ЯдаІ а, Ната-пайхамар а, ШамаІи а, РеІа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тІемалой а Адан-ЯхІугахьа бацара. Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян.
Выбор основного перевода