Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гІанта тІе охьахаор волчу хьан кІанта дІахІоттор ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чІагІо йина Сайн ялхо волчу Даудана: Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чІагІбийр бу. Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чІагІо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац. Цуьнан тІаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тІаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза.
Выбор основного перевода