Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен цІеношкахь ша вехаш Іачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цІа чохь Іаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хІунда аьлча Дела хьоьца ву». Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: «Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Іан цІа ахь дийр дац, хІунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц цІа чохь Іар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’ – аьлла. Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугІур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагІий кІелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса меттахІоттор ду хьан хІу, хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду Аса. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чІагІбийр бу. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дІабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дІабаьккхинехь а. Сайн халкъана тІехь а, Сайн пачхьалкхана тІехь а абаденналц дІахІоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чІагІдина хир ду’“». Дерриг и дешнаш а, шена хІоьттина сурт а Натас ма-дарра дІадийцира Дауде. ТІаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цІа а хІун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? Хьуна-м иза а кІезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цІийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела! Кхин хІун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай! Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хІуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дІа а довзуьйтуш. Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дІалохкура Ахьа. Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дІахІоьттира. Ткъа хІинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чІагІдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, иза билггал хилийтархьама а, массо а тІейогІун йолчу ханна Хьан цІе язъяйтархьама а. ТІаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тІехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цІа Хьуна хьалха чІагІделла лаьттар ду! Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дІадилли, Айхьа суна цІа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хІара доІа дан. Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваІда дина Ахьа! Хьан лай волчун тІаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цІа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду». Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. Иштта шун Везачу Дала массо а агІор шун мостагІех шаьш паргІатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тІехь Іамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кІелара дІадаккхалаш, иза диц ма делаш». Ткъа хІинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агІор. ХІинца бац я мостагІий, я кхин дуьхьало ян а хІумма дац.
Выбор основного перевода