Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан тІаьхьенца вац ткъа Дела? Дала соьца массо а ханна болу барт бина, цуьнан чІагІо йохор а яц, хийцалур а яц. Суна мел гІо деш дерг а, суна мел лууш дерг а, хуьлуьйтур дац ткъа Цо? Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чІагІо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац. Цуьнан тІаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тІаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
Выбор основного перевода