Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина». хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш, Цо хьо дІатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дІаваллалц паччахьалла дан.
Выбор основного перевода