18
Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“.