Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Веза Эла, Хьан оьгІазе аз дІахезча, Хьан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча, хІордийн баххаш гучудевлира, лаьттан баххаш схьаделладелира. Царна дицделлера Цуьнан гІуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хІуманаш а дицделлера царна. Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догІура, Цо шаьш мостагІех кІелхьардахаран де а дицделлера царна. Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта? ТІаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагІий Іуйшца хІордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? Мичахь ву уьш Іаннашкахула дІабигнарг?» Шерачу арахула дІаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дІабоьлхуш. ТогІи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаІа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дІадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цІе гІараяккхархьама.
Выбор основного перевода