Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу. Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Амма халкъо цаьрга а ла ца дугІура. Кхечу деланашна тІе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дІакхехьначу некъа тІера сихха дІадаьллера адам. Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кІелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира. хІунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
Выбор основного перевода