Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дІаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хІаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш».
Выбор основного перевода