Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса. Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дІаделла долу весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха. Веза Эла, оха мукІарло до тхаьш лелийначу Іесачу гІуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Выбор основного перевода