Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левин тІаьхьенах волчу КхахІатан кІентан Ицхьаран кІант Кхорахь а, Раабанан тІаьхьенах волчу Элиабан кІентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатІан кІант Ана а Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бІе шовзткъе итт цІеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. Цара, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хІунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?»
Выбор основного перевода