Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Іибадат дора, Маннаша шен кІант цІерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила.
Выбор основного перевода