Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Веза Эла оьгІазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дІаделира. БархІ шарахь Іийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кІелахь. цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. Уьш Шена дІахезча, Дела оьгІазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дІатоттура. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара.
Выбор основного перевода