Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Алийша: «КІелхьардахахьа тхо, КІелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кІелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цІе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а. Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!» Веза Эла Ярушалайм дІахІоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу.
Выбор основного перевода