Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. ЧІогІа къийделира Исраилан халкъ маданхоша дина зенаш бахьанехь. Исраилан халкъо, мохь туххуш, Везачу Эле орца дехира. ТІаккха Везачу Эло, цуьнга дІа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гІой, Исраилан халкъ маданхойх кІелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!» Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара.
Выбор основного перевода