Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш. ТІаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хІорда чу кхоьссина. Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. ПирІунан эскар а, гІудалкхаш а хІорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирІунан тІеман хьаькамаш Эрзан хІорда чу бахана. КІоргачу хиша уьш къайлабехира. ТІулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш. Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагІа хІаллаквина. Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгІазалла царна тІе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш. Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дІахІоттийра. ХІордан кийрара хи дукъделира. МостагІчо элира: „Царна тІаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас, церан хьал схьа а доккхур ду. Тур а даьккхина, сайн дог Іабош, сан куьйго уьш хІаллак а бийр бу“. Амма Ахь царна тІе мох хьаькхира, тІаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хІордан буьрсачу хиша дІахьулбира. Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Ахь аьтту куьг тесча, уьш Лаьтто дІахьулбира. Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кІелхьардаьккхина халкъ, онда гІо лоцуш, езачу Хьайн хІусаме дигна хир ду Ахь. Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц». Шайн гІудалкхашца пирІунан говраш а, дошлой а хІорда чу бевлча, Везачу Эло хІордан хи царна тІе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хІорда юккъехула лаьтта тІехула дехьадаьллера. АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хІорда чу кхоьссина Цо».
Выбор основного перевода