Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аш мостагІашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тІе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тІехь уьш дехар ду. Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьІера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгІира. Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.
Выбор основного перевода