Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира.
Выбор основного перевода