Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? ХІара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гІоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул». Царна дицделлера Цуьнан гІуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хІуманаш а дицделлера царна. Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догІура, Цо шаьш мостагІех кІелхьардахаран де а дицделлера царна.
Выбор основного перевода