Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхІаронна а гонах гул а белла, Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хІунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? ХІунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» Халкъ долчуьра дІа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхІарон а. Везачу Элан олаллин нур хІоьттира царна хьалха. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. Мусас а, АхІарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогІа, карзахдаьлла халкъ! ХІокху тархах даккхий ас шуна хи?» Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац». Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна. Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кІелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.
Выбор основного перевода