Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу. Иза, хьетахойн латта долчу дІа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цІе йолу гІала. И цІе хІинца а йоккхуш ю. Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира. Ткъа шун а, кху лаьтта тІехь Іаш болчу нахаца барт а хилла, Іан йиш яц. Аша церан сагІа доккхуш йолу меттигаш хІаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгІира. ХІунда дина аша иза?
Выбор основного перевода