Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. «Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. ТІеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгІазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, qac Лqac*ан хала болу бала Ша тІебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
Выбор основного перевода