Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Выбор основного перевода