Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш схьакъастийна старгІа кеч а йина, уьш, Іуьйранна дуьйна делкъахан тІекхаччалц, БаІал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаІал, дІахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагІа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. Делкъахан дІа а яьлла, суьйренан сагІа доккху хан тІекхаьчча а, уьш кхидІа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хІума дацара хезаш. Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Алссамчу гІайгІанаша вон гІенаш гойту, алссамчу дешнаша сонталла гойту.
Выбор основного перевода