Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?» Іийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кІезиг тешарш! ХІунда боху аша шайгахь бепиг дац?
Выбор основного перевода