Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо, Царах дІа ма тарло, хІунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хІун оьшу. Цундела ма леха яа а, мала а шайна хІун хир ю – цунна са ма гатде. Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.
Выбор основного перевода