Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де? ХІара ду Суна лууш долу марха: харцонан гІоьмаш дІаяха, дезачу дуькъан машшаш дІадаста, Іазапехь берш паргІатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа. ТІаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дІагІур ю, Везачу Элан сийлалла а тІаьхьадогІур ду хьуна. Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Іазап латтор дІа а даккхахь, пІелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, «Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю.
Выбор основного перевода