Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
Выбор основного перевода