Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу. qac Вqac*езачу Элан кара хьайн некъ дІа а ло, Цунах тешна Іаш а хила, ткъа тІеоьшург Цо кхочушдийр ду. Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цІа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна бІозза сов лур ду цІенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тІейогІучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду. Іийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цІа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна хІинца а алссам дерг хир ду, ткъа тІейогІу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
Выбор основного перевода