Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хІунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дІагайта гІерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогІуш йолу ял дІакхаьчна шуна. Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю. Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цІенош чохь а. Шаьш доІа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтІера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама». «Ши стаг вахана Делан цІа чу доІа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш. Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бІаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тІе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Выбор основного перевода