Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». Пайхамар пайхамаран дуьхьа тІеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тІеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю. Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а». Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю. Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду.
Выбор основного перевода