Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума? Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“ Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
Выбор основного перевода