Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хІуманан Коьртаниг. Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хІуманна тІехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чІагІо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чІагІвар а. ХІинца оха, тхан Дела, хастаме дешнаш олу Хьуна, Хьан сийлахь-еза цІе а хастайо оха. Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду». Шаьш дІакхаьчча, Іийсас элира: «ДоІа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». Со хІинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогІу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цІеран олаллица Іалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама. Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дІаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар. Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кІелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дІа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин. Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.
Выбор основного перевода