Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегІан дуьхьа духарна са ма гатде. ХІунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегІ ду. ДІахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? Оццул кІезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? Ойла ел, муха кхуьуш ду петІамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кІадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. Нагахь тахана тІедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кІезиг тешаш дерш?! Цундела ма леха яа а, мала а шайна хІун хир ю – цунна са ма гатде. Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду». Хьайн гІайгІанаш Везачу Элана тІеяхка, ткъа Цо хьо чІогІа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дІасатоьхкуьйтур вац. Берриг а шайн гІайгІанаш Цунна тІе яхка, Иза шун бала болуш ву! Цхьана а хІуманан гІайгІа ма е, амма мел дечу доІанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дІахаийта. Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь. Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».
Выбор основного перевода