Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду». И хезча, Іийсас элира: «Кхин цхьа хІума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
Выбор основного перевода