Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дІахІотто чагІар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, чІогІа инзаръяьллера иза. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цІе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тІехь доьттина деана хаза хьожа йогІучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тІулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш йолу хІусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагІардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, иза чІогІа инзаръяьллера. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гІанта тІе, Шен цІарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чІагІдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хІоттийна, цу халкъана тІехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». Сулим-паччахьна ши бІе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогІучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тІулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогІу хІуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера. Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цІен дечиг а, деза тІулгаш а деанера. Оцу цІечу дечигах Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІейоьду тІегІанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхІуд-махкахь хІетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг. Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира. Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Іаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал туьйсина деши дахнера. Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана кхо бІе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантаца хоьттина йина дашо когийн кІело яра. ГІантан шина а агІор куьйган голахІотторгаш яра, царна хІоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хІордахоша леладора и кеманаш. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. ХІора шарахь дукха адам догІура, Сулим гархьама. Шаьш догІуш царах хІораммо а совгІаташ дахьара: детих, деших йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана. Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тІера тІаьххьарлерачунна тІекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тІехь а, шилунхо волчу АхьъяхІуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатІан кІантах ЯрбаІамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯІду-пайхамарна дуьхьал хІуьттучу суьрташкахь а. Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тІехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам. ТІаккха со даккхий гІуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гІишлош а йира, кемсаш а дІаюьйгІира, бошмаш дІайогІа меттигаш а тойира, тІаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дІадуьйгІира. Иштта ас Іаьмнаш дехира, айса моггІара дІадийгІинчу дитташна хи тохархьама. Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тІаьхьа сан цІахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гІалахь бехаш Іаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан. Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цІа чохь, боьршачу стеган дагна чІогІа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гІарбаш-зударий. Ярушалайм-гІалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидІа а соьца дуьсура. Сайн бІаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хІума сан даго тІеоьцура. Муьлххачу айса дечу гІуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгІат санна. ТІаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гІуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Стигална кІел цу гІуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.
Выбор основного перевода