Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь дІайоьллу кІорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха. Цул тІаьхьа Ша кхайкхинчу хІусамдега Іийсас элира: «Айхьа нах хІума яа чукхойкхуш, хьайн доттагІий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хІунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а. Айхьа шун хІоттош, къенаш, заьІапнаш, астагІнаш, бІаьрзенаш кхайкха. Хьо декъала хир ву, хІунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза». Сайна совгІаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гІуллакхийн кехатна тІе кхин а хІуманаш дІаяздина хилар лоьху ас. ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву. Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цІийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна. Рим-гІалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна. Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тІедогІур долчу оцу дийнахь. Эпас-гІалахь цо суна мел дина долу дика гІуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.
Выбор основного перевода