Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кипас, Іийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтІера вала веза цунна? ВорхІазза вала везий?» Ткъа Іийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхІазза хир дац, ворхІазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду. Стигалийн Олалла хІокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тІевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла. Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дІавохка аьлла. ТІаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хІоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дІалур ду хьуна!“ Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтІера а ваьлла, дІавахийтина. Ткъа цу ялхочо, шена бІе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тІе а вахана, иза лаг тІера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“ – аьлла. ТІаккха цу ялхочо, хІокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дІалур дара“. Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгІира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. И хІума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дІа а бахана, дІадийцира. Эло, и ялхо тІе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтІера а ваьлла, хьуна дитира. Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ ОьгІазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла. Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтІера ца довлахь».
Выбор основного перевода