Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. Къа ду шун, парушхой! Гуламан цІа чохь баьрччехь Іан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. Іийсас тидам бира хьошалгІа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дІалаца гІертар. Цо тІаккха царна цхьа хьекъале хІума дийцира: «Іеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цІа чохь а, той долчохь а баьрччехь Іан лаьа царна.
Выбор основного перевода