Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьйга тІе йихкина хІума санна хуьлийла иза хьуна, хьетІехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хІунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина. «Исраилан халкъе дІахьедар де, цара шайн тІеюхучу хІуманийн маьІигашна тІехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьІигашна тІехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тІекхуьучу тІаьхьенаша а. И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. Шайн куьйгаш тІе дІадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тІе а дІадехка уьш хьехорна. Шаьш тІетосучу хІуманна еа а маьІІе чечакхаш тІетега». «Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. «Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна.
Выбор основного перевода