Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю. Шайн коьртах лаций а ма е чІагІо, хІунда аьлча коьртара цхьа чо я кІайбан а, я Іаржбан а шун ницкъ кхочур бац. Шаьш, „хІаъ“ аьлла, чІагІо яхь, иза „хІаъ“ хилийта. „ХІан-хІа“ шайн ала дезахь, цу тІехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна». „Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа?
Выбор основного перевода