Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, Закри-ЯхІуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цІийнан кертахь цунна тІе тІулгаш кхиссира. Олхазарш, шайн кІорнеш ларъярхьама, бенашна тІехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гІала ларйийр ю. Цо и гІала, дІа а къевлина, кІелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргІатйоккхур ю Цо». Дуьйла Суна тІе, кІадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна. Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. Сан дукъ а дІакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза». Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гІала а гина, Іийсан бІаьргех хи делира. Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех. Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду». Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!» Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах.
Выбор основного перевода