Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву». Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах.
Выбор основного перевода