Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.
Выбор основного перевода