Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаш охьатаІийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кІелхьарвоккхур ву. Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хІоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. Хьалдолчу Эло боху: «ДІаяккха хьайн коьртара чалба а, дІадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тІекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу. хІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода