Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тІера дІадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – «Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю. БІаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.
Выбор основного перевода