Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ «Аса Со чохь Іаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дІатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагІийн кара дІаделла. Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». Делан цІа долчуьра схьавогІуш вара Іийса. Цу цІийнан кертахь йолу гІишлош Цунна гайтархьама, Іийсана тІебаьхкира Цуьнан мурдаш. «Забур тІехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дІатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гІуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла“.
Выбор основного перевода