Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йиъ тІаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тІе юхадогІур ду, хІунда аьлча кхузахь Іаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хІинца а». Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! Исраилхой, баркаллин сагІина лерина долу совсийна бепиг схьада, дІакхайкхаде аша шайн лаамца сагІанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дІасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло. Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кІелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тІехбоккху, амма Делан оьгІазло эххар а тІекхаьчна царна.
Выбор основного перевода